вернуться  »  Статья "ДIадаханчу шарахь – нохчийн литература" | Выпуск № 22 (634)

ДIадаханчу шарахь – нохчийн литература

[Разное]

авторы:

Мел чолхе гIуллакх къасторехь, мел луьра дов маслаIатечу хабарца дижорехь, мел къиза тIом машарца дIаберзорехь меттан говзаллица уьш дерриге кхочушдалуш болу нах лаккхара сий-ларамбеш, шайн махкал арахьа а гIарабевлла хилла, церан цIерш масална ялош ю тахана исторехь. Цхьадолчу халкъийн я къаьмнийн исбаьхьаллин дешан говзанча эвлаяийн, устазийн даржашкахь хастаме а хилла. Вайна евзаш йолчу дуьненан исторехь дуьххьарлера йозанаш шаьш дIаяздина а, цул хьалхарчу а заманех лаьцна хаамаш, дийцарш я мифаш ю. Церан гIоьнца девза вайна дуьненан цхьадолчу халкъийн хIетахьлера Iер-дахар, амалш, гIиллакхаш, кхидерг а. Ширачу Шумеран, цул тIаьхьа Желтойчоьнан (Грецин), тIаккха Риман а йозанаш ду дуьненан исбаьхьаллин литературин бухе дехкинарш, бIешарера бIешаре дуьйлуш, шаьш кхаьч-кхаьчначу пачхьалкхийн литература кхиарна гIодинарш. «Литература – адамийн дахаран куьзга ду» – олуш ду, и иштта дан а ду, хIунда аьлча муьлххачу а яздархочо шен говзаршкахь йовзуьйтург ша ваьхна зама ю, хIетахь даьхна адамаш а. Адамийн юкъараллаш кхиаран некъаш довзийтарехь уггаре мехала тоьшаллаш литературо дуьту тIаьхьа тIедогIучу бIеннаш, эзарнаш шерашна. БIеннаш литератураш ю кху дуьненахь. Царна юкъахь цхьаъ нохчийн литература а йолуш. Шен кхоллаялар цхьа бIе шо сов хьалха бен ца хиллехь а, карарчу хенахь цо бинчу некъе бIаьрг тоьхча, цуьнан хIинццалц схьа хилла кхиамаш шайх воккхавевеш бу. Нохчийн исбаьхьаллин дош, ерриге а Россехь девзина ца Iаш, цуьнан дозанел арахьарчу пачхьалкхашкахь, мехкашкахь а девза, иттаннаш халкъийн меттанашка гочдина хиларна. Масала, Мамакаев Мохьмадан, Ошаев Халидан, Ахматова Раисин, Арсанов СаьIид-Бейн, Айдамиров Абузаран, Арсанукаев Шайхин, Шайхиев Iалвадин, кхечеран а. Ткъа вайн заманахь – Яшуркаев Султанан, Эльсанов Исламан, Бексултанов Мусан, Ахмадов Мусан, кхечеран а. 2000-чу шерийн шолгIачу эхехь дуьйна хаъал алсамдаьлла нохчийн авторийн говзарш зорбатохар, къаьсттина хIокху тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь. Советийн заманахь цхьана шарахь пхи-ялх, наггахь цул цхьа-ши киншка сов а йолуш, киншка арахоьцура. Ткъа тIаьхьарчу шерашкахь уьш пхийтта-ткъа арайолу. Амма дIадаханчу шарахь санна алсам ара ца хецна нохчийн яздархойн киншкаш, уьш ткъе иттех хир ю. Оцу терахьо ешархошна хазахетар а до. Бакъду, уьш ерриге а шаьш хила езачу исбаьхьаллин тIегIанехь яцахь а, амма хIинццалц цкъа а ца хиллачу кепара исбаьхьаллин дешан лакхене кхаьчна, вайн халкъана юьхькIоме йолу киншка иттех хир ю царна юкъахь. 2012-чу шеран юьххьехь араелира нохчийн халкъан яздархочун Бексултанов Мусан «Сан вешин тIехьийза йоI» цIе йолу повестийн, дийцарийн, хьаьркийн (миниатюраш) киншка. Цу юкъаяхана говзарш, ерриге бохурш санна меттигера журналийн агIонаш тIехь араевлла, ешархоша церан авторан похIма къобалдарца тIеэцна яра, амма уггаре а коьртаниг ду уьш цхьана гуларехь ешархошна тIекхачар. Цул тIаьхьа хьецалуш араелира вевзашволчу яздархочун, драматурган, публицистан Нунуев Сайд-Хьамзатан «Собаре лаьмнаш» цIе йолу роман-эпопея. Цуьнан турпалхой (ИбрахIим, Лайса, Обу-Iела, кхиберш а) нохчийн литература ешархошна бевзина Нунуевн «Гезгмаша», «Йилбазан оьмар» цIерш йолу говзарш дIадаханчу бIешеран 80–90-чуй шерашкахь шаьш йоьшучу хенахь. Ткъа хIокху романехь автора, и турпалхой юкъа а балош, церан дайн а, тIаьхьенийн а дахаран некъ гайтина (1900-чу шерийн юьхь – 1990-чу шерийн чаккхе). Нохчийн халкъо дIадаханчу дийнна бIешарахь бина хала, бохаме, ирча некъ гайтина ца Iаш, оцу берриге а хиламийн бахьанаш талла, царна тIаьхьакхиа Iалашо Нунуевс шена хьалхахIоттийна хилар гуш ду роман йоьшуш. Шен Iалашоне иза кхаьчна хилар а го вайна. 2012 шо чекхдолуш арахецна Нунуев Сайд-Хьамзата кхин а цхьа керла киншка – «Ислам в Нахистане». Историн Iилманийн кандидат, дин таллархо волчу цуьнан автора архивашкара билггал долчу тоьшаллийн а, халкъан барта кхоллараллин ширачу дийцарийн а буха тIехь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а ХIII-гIа бIешарера дуьйна ХХ-чу бIешеран чаккхене кхаччалц бусалба дин юкъадаран, дIахIоттаран, чIагIдаларан истори йовзуьйту вайна. Нунуевн керлачу говзарехь ешархошна дуккха а керланиг девзар ду Нохчийчоьнан исторех лаьцна, бусалба дин вайнахана юкъадаржаран хала а, чолхе а некъ бевзар бу, иштта жоьпаш карор ду хIокху тIаьхьарчу ткъех шарахь вайн республикехь а, цунна гондаха а дIабаханчу бохамечу хиламийн чолхечу, лазамечу хаттаршна а. Нохчийн халкъан яздархочун Ахмадов Мусан гулдинчу йозанийн йоьалгIа киншка араялар а дикачу хиламех цхьаъ бу вайн литературехь. ХIокхул хьалха араяьллачу кхаа киншки тIехь цхьаьнатоьхна яра Ахмадовн романаш, повесташ, дийцарш, драматурги, ткъа хIокху киншки тIехь ю цуьнан стихаш, поэмаш, публицистика, литература талларан статьяш, эссеш а. Хьехархошна, студенташна, дешархошна, нохчийн литература езаш мел волчунна дика совгIат ду вевзашволчу яздархочун Ахмадов Мусан рогIера киншка. Яздархочо, гочдархочо Маргошвили Султана юхаарахийцира шен дас Маргошвили Юсупа нохчийн матте гочйина гуьржийн яздархочун Казбеги Александран кхо повесть («Давийнарг», «Циция», «Элиса»). «Давийнарг» повесть юкъара советски цензуро дIадаьккхина хилла нохчаша оьрсийн паччахьна дуьхьал латтийначу къийсамех долу дакъа тIе а тухуш, ша гочйина Казбегин «Хевисбери Гоча» повесть, «Кхокха» цIе йолу дийцар, «ЖаIуьнан дагалецамаш» юкъабохуьйтуш, арахецна «Хаьржинарш» гулар. Нохчийн ешархочунна дика кхаъ а хилира цунах. Нохчийн фольклорхочо, меттан Iилманчас Джамбеков ШаIранис гулйина арахецна нохчийн барта кхоллараллин ши том доккха гIо ду вайн хьехархошна, студенташна, дешархошна а. Цу юкъаяхана Джамбеков ШаIранин студенташа гулйина фольклор а, фольклоран жанрех кхетамбаларан статьяш а. Кацаев Сайд-Хьасанан говзарийн хьалхара том арахецар а билгалдаккха догIуш хIума ду. Шайх лаьцна ешархошна а, литература таллархошна а юкъахь къовсамаш кхуллуш йолу цуьнан говзарш шатайпа хилам бу нохчийн литературехь. Вайн ешархоша къобалдеш тIеэцна цуьнан «Теш», «Машар» дийцарш, «ТIом а, машар а» статья, кхийолу Кацаевн говзарш вайзаманхойх, хIинцалерчу хиламех а лаьцна ю. Ткъа кху гуларна юкъаялийна халкъан барта кхоллараллин говзарш, автобиографични дийцарш исбаьхьаллин агIор дика дIанисделла ду. Уьш къобалдеш ешархой а билгалбуьйлуш бу. Ткъа Кацаевн говзарш шайна гонаха къовсамаш кхуллуш елахь, уьш шайна чохь са долуш, дахаран бакъдолчунна гергара хиларан билгало ю. Яздархочун, публицистан Уциев Абун ши гулар араяьлла – «Кхолламан зераш», «Дицдина жовхIарш». Хьалхарчунна юкъаяхана цуьнан стихаш, берашна лерина байташ, литературах а, дахарх а лаьцна статьяш. Ткъа «Дицдина жовхIарш» цIе тиллина гулар шакъастийна билгалъяккха йогIу, хIунда аьлча нохчийн халкъан синмехаллийн хазнаш юхакарлаяхар, церан чулацам а, маьIна а схьаделларехь халкъан барта кхоллараллера, литературера масалш а, тоьшаллаш а далош, безамца кхочушдина автора ша юьхьарлаьцна гІуллакх. Сулейманов Ахьмадан, Шайхиев Iалвадин, Сатуев Хьусейнан хаьржина говзарш арахийцира Нохчийн Республикин къоман политикин, зорбанан, хаамийн министерствос. Шеко йоцуш, мехала гIуллакх ду цара динарг. Иштта Нохчийн меттан денна лерина Аболханов Хьаькамий, Бурчаев Хьаьлимий вовшахтоьхна «ГIиллакхийн хазна» гулар а яра оццу министерствос вайн къоначарна лерина арахецна, цунах карарчу хенахь пайдаоьцу вайн школашкахь. Яздархойн Усманов Iаьрбин, Мамакаев Эдуардан, Кусаев Iадизан гуларш, Дадашев Iабдуллин трилогин «Юхадерзар» цIе йолу шолгIа киншка, Пашаев Нурдин ши гулар – «Аьрзунаш хьийзачохь», «Мухьаммадан дахар», авторийн юкъара «Нохчийн повесть» гулар зорбанера араяьлла кху шарахь. Оьрсийн маттахь язъечу авторийн Джабиров ИбрахIиман прозин, драматургин, поэзин гулар, Макалов Шамсуддинан говзарш, Кусаев Iадизан нохчийн яздархойх лаьцна киншка а араяьлла. Рашидов ШахIидан цхьайолу говзарш оьрсийн маттахь арахецна. Нохчийн къоначу литераторийн юкъара гулар араялар а дикачу билгалонех цхьаъ ю. Вайн къоначу яздархоша оьрсийн маттахь язйина проза а, поэзи а ю цу юкъаяхнарг. Царех цхьаболчийн цIерш вайн республикехь дика евзаш ю – Межиева Роза, Эбиев Вис-Iела, Ясаева Мадина, Шатаев Аслан, Исабаева Хьава, Гапуев Муслим, Мусаев Сулиман, кхиберш а. Кхузахь ала догIу, хазахоьтуьйтуш ду вайн къоначу яздархошна юкъахь похIма долу цIерш билгалъюьйлуш хилар. Нийса хир дац, нагахь вай хIокху статья тIехь меттигерчу зорбанна а тIе тидам ца бахийтича. «Орга», «Заманхо», «Вайнах», «Нана», «СтелаIад» журналаша шайн агIонаш тIехь зорбатуху вайн республикерчу а, кхечу регионашкарчу а авторийн говзарш, гочдаршца йовзуьйту кхечу халкъийн яздархойн тоьлла говзарш, царех лаьцна талламаш, статьяш, рецензеш, хаамаш а зорбатуху. «Даймохк» газето ламаст дина дIахIоттийна меттигерчу авторийн арайолуш йолчу киншкех лаьцна хаамаш балар, яздархойн юбилейшна лерина литературин агIонаш кечъяр. Иштта Нохчийн Республикин Iилманийн Академин «Таллам», «Вестник Академии» журналаша а боккха болх дIахьо цу декъехь. Гуш ма-хиллара, нохчийн литература кхиар лагIделла ца догIу я цхьана тIегIанехь латта ца дисна, мелхо а алсамдолуш ду вайн исбаьхьаллин дош кхиар. Цундела вайн школашкахь, лаккхарчу дешарехь, кхечу учрежденешкахь а ешархой кхиор ду вайн хьалхара декхар. БУРЧАЕВ Хьаьлим
Фотогалерея